
Нохчийн байт
Хьан архив ✉️
Recent Posts
Нохчийн-1аьрбийн дошам
Халкъана хилларг боккха эшам бу, шен дешна, 1илма долу нах д1акъастарца.
Нохчийн халкъан 1илманча, языковед Халидов Муса д1аваларца хилла тахана и боккха эшам.
Цуьннан дуккха а белхаш йуккъехь билгалбаккха мегар бу, нохчийн цхьалхе предложенин синтаксис охьйиларехь цо бина кхиам.
Тӏекхуьучу чкъоран, дерриге халкъана, шела тӏаьхьа йоккха ӏилманан хазна йитина Халидов Мусас.
Нохчийн халкъан 1илманча, языковед Халидов Муса д1аваларца хилла тахана и боккха эшам.
Цуьннан дуккха а белхаш йуккъехь билгалбаккха мегар бу, нохчийн цхьалхе предложенин синтаксис охьйиларехь цо бина кхиам.
Тӏекхуьучу чкъоран, дерриге халкъана, шела тӏаьхьа йоккха ӏилманан хазна йитина Халидов Мусас.
Дала геч а, къинхетам бойла цунах!
Ас хьоьга балхор бу
Мацца а кху хенан бала,
Ас хьуна оьхьур йу
Сайн дагна мел хилла чевнаш,
Ас хьуна дуьйцур ду
Йохорах вайшиннан гIала,
Хаддаза диллина
Латтарах махкахойн кевнаш.
Со хьуна воьлхур ву,
Деган хиш бIаьргашха Iенош,
Ахь динчу дозаллин
Бух хадар далхадеш хьуна:
Ахь тхуна лардинчу
Iадатийн жовхIарш а эгош,
Доьналлех дохарх тхо
Ас, тийжаш, дуьйцур ду хьуна.
Ас хьуна достур ду
Къизаллех болх бинчийн васташ,
Ас хьуна гойтур ду
Чалтачийн хьуьнаре хьийзар,
Ас хьоьца доькъур ду
Хеназа гергарчийн къастарш,
Доьзалех баьхначу
Вайн наной вовшашна тийжар.
Ас кийрахь хуьйдина
Вайн махкахь мел хилла бохам,
И дерриг гулдина
ДIакхачо эхарта сайца:
Гечделахь суна ахь –
Ца бисна кхин хьуна гайта
Кху лаьттахь дикано
Вонна тIехь баьккхина толам.
Мацца а кху хенан бала,
Ас хьуна оьхьур йу
Сайн дагна мел хилла чевнаш,
Ас хьуна дуьйцур ду
Йохорах вайшиннан гIала,
Хаддаза диллина
Латтарах махкахойн кевнаш.
Со хьуна воьлхур ву,
Деган хиш бIаьргашха Iенош,
Ахь динчу дозаллин
Бух хадар далхадеш хьуна:
Ахь тхуна лардинчу
Iадатийн жовхIарш а эгош,
Доьналлех дохарх тхо
Ас, тийжаш, дуьйцур ду хьуна.
Ас хьуна достур ду
Къизаллех болх бинчийн васташ,
Ас хьуна гойтур ду
Чалтачийн хьуьнаре хьийзар,
Ас хьоьца доькъур ду
Хеназа гергарчийн къастарш,
Доьзалех баьхначу
Вайн наной вовшашна тийжар.
Ас кийрахь хуьйдина
Вайн махкахь мел хилла бохам,
И дерриг гулдина
ДIакхачо эхарта сайца:
Гечделахь суна ахь –
Ца бисна кхин хьуна гайта
Кху лаьттахь дикано
Вонна тIехь баьккхина толам.
Халидов А. «Йуха а дéга»
Жима эла / Маленький принц
Автор: Антуан де Сент-Экзюпери
Гоч: Абдулаев Леча
Автор: Антуан де Сент-Экзюпери
Гоч: Абдулаев Леча
МуджахӀида (табиӀин) аьлла:
«Ши хӀума дитинчуьнан марха нийса хир ду: гӀийбат а, аьшпаш а».
Ибн аби Шейба 8887
Шеран шийтта бутт, Йакъубан шийтта к1антах тера бу.
Царех Йакъубан уггара дукхавезаш верг Йусуф ма хиллара, Аллахӏан уггара дукхабезарг Рамадан бутт бу.
Ткъа иштта, цхьана Йусуфа дина доӏа бахьан долуш, Аллахӏа цуьнан цхьайтта вешина геч ма дарра,шун цхьайтта бетта къиношна гечдан йиш йолуш ву Иза, аша Рамадан баттахь диначу цхьана доӏан бахьаница.
Хьогалла а дӏайели, пхенаш тӏундели, Дала мукълахь мела а хили!
💡Бакъдолу ирс
Ибн Къудамега хаьттина:
«Ирсе верг мила ву?» – аьлла.
Цо жоп делла:
«Иза – шен садеIар сецча а, шен диканаш ца сецнарг ву.»
“Нох, Ц1е, Чоь” Бисултанов А.